Решаем вместе
Не убран мусор, яма на дороге, не горит фонарь? Столкнулись с проблемой — сообщите о ней!

«НОХЧИЙН ДИКТАНТ» ЦIЕ ЙОЛУ РЕСПУБЛИКИН ДЕШАРАН АКЦИ

ХIокху шеран кхолламан беттан 31-чу дийнахь 11 сахьт даьлча Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос «Нохчийн меттан институтаца» цхьаьна дIайахьа лерина йу «Нохчийн диктант» цIе йолу Республикин дешаран акци.

Кхушара и акци лерина йу вайн нохчийн гоьваьлла йаздархо, драматург, Iилманча Ошаев Халид вина 125 шо кхачарна.

Диктант дIахьур йу онлайн кепехь.

Акцехь дакъалаца йиш хир йу Нохчийн Республикин бахархойн а, иштта кхечу мехкашкахь бехачу вайн махкахойн а.

Акцехь дакъалаца йиш хир йу хIокху ссылкица дехьа а девлла:

https://forms.gle/npgYZFjkRcemVWCh6

Комментирование и размещение ссылок запрещено.