Исаев Хьусайнан цIарах йолу мохкбовзаран музейн уьйтIахь «Нохчийн мотт- сан дозалла» той дара нохчийн меттан Денна лерина.
Лараме хьеший бара кхайкхина Нохчийчоьнан халкъан йаздархо Бексултанов Муса, кхаа кIоштан прокурор Натаев Асламбек, адамийн бакъонаш ларйаран декъан векал Талхигов Илес, Нохчийн Республикин Йукъарчу палатин куьйгалхочун гIоьнча Бичалов Салавди, иштта вайн мехкан коьртачу шахьарара, Москвара хьеший а, Россин тайп-тайпанчу регионашкара туристаш, меттигера бахархой, къаной, кегийрхой.

25 апреля, 2024
admin














