Вайнехан 1адатехь хьаша-да т1еэцаран #г1иллакх ч1ог1а мехала лоруш ду. Нохчийн кицанаша а хьоьху вайна хьаша доккха беркат, ни1мат хилар: «Нагахь баттахь цкъа хьешо хьан х1усаман не1 ца тохахь, цу чу, не1 а ца тухуш, бала бог1ур бу». Хьан не1 а тоьхна, салам а делла, хьаша оьций аьлла, не1аре веъна стаг хьешан дарже волу, иза бохамах ларвеш, цуьнца ларам беш, хьошалла дар т1едужу стагана.
Хьалха заманахь хьешо ша дийццалц и варан 1алашо а, цо арабаьккхина некъ а хоттуш ца хилла, кхо дей-буьйсий даллалц муххале а. Хьаша д1авоьдуш, иза новкъа воккхуш, кет1а ваьлча, и кхузза йухахьажжалц латтар г1иллакхе лоруш хилла.
#ИтумКали #ДеньЧеченскогоЯзыка #Чечня #МузейИсаева #ГодСемьи #ГодИстории
https://vk.com/wall-217212824_9272