Решаем вместе
Не убран мусор, яма на дороге, не горит фонарь? Столкнулись с проблемой — сообщите о ней!

Нохчийн мотт — сан дозалла

Исаев Хьусайнан цIарах йолу мохкбовзаран музейн уьйтIахь «Нохчийн мотт- сан дозалла» той дара нохчийн меттан Денна лерина.

Лараме хьеший бара кхайкхина Нохчийчоьнан халкъан йаздархо Бексултанов Муса, кхаа кIоштан прокурор Натаев Асламбек, адамийн бакъонаш ларйаран декъан векал Талхигов Илес, Нохчийн Республикин Йукъарчу палатин куьйгалхочун гIоьнча Бичалов Салавди, иштта вайн мехкан коьртачу шахьарара, Москвара хьеший а, Россин тайп-тайпанчу регионашкара туристаш, меттигера бахархой, къаной, кегийрхой.

✨️✨️✨️✨️✨️✨️✨️✨️✨️✨️✨️✨️✨️✨️✨️

Лераме доттаг1ий! Даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Шен ненан мотт цабезачунна, цуьнца ховха йукъаметтиг йоцчунна, иза Iалашбеш воцчунна шен Даймохк безийла дац. Дуьненахь уггаре а хьалдолуш а, хаза а, исбаьхьа а бу нохчийн мотт. Оцу маттехь дерриге а ду — нохчийн къоман башхалла, истори, культура, гIиллакх-оьздангалла, Iадаташ.

#ИтумКали #ДеньЧеченскогоЯзыка #Чечня #МузейИсаева #ГодСемьи #ГодИстории


Комментирование и размещение ссылок запрещено.